Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Хьуна къера хила царна ца лиира. Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гІуллакхаш царна дицделлера. Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара, шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама. Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо! Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву. Ахь уьш дІа ца тесна, Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгІаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву. Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу. Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх?
Выбор основного перевода