Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло. Мархин бІогІамна юкъара схьа вистхуьлуш вара Иза цаьрга. Цуьнан бакъонаш а, Цо делла парзаш а цара лардора.
Выбор основного перевода