Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». «Шу оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар тохале Соьга уьш хІаллакбайтархьама». «ДІа а хилий, оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар а тохале Соьга иза хІаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира.
Выбор основного перевода