Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца, дІа а гІой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дІадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гІур ду. ТаІзар даран дийнахь Ас оцу нахана таІзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш». Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хІунда аьлча Со реза ву хьуна, цІарца хьо вовза а вевза Суна». «Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дІакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дІахІоттийра». Со дика Іу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дІало Ас уьстагІийн дуьхьа. Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза».
Выбор основного перевода