Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Муса Делан четарна кІел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а. Делан четарна тІера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой. Марха Делан четарна тІехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дІа ца боккхура. Дийнахь Везачу Элан марха четарна тІехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цІе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий. ХІинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХІинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тІе дІа а гІой, шайн четарш чу юхадерза. Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна?
Выбор основного перевода