Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба цу меттиган цІе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со». Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кІелахь дезачу тІулгийн экъа яра, стигал санна, цІена а йолуш. Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!» Ас элира: «Къа ду сан! ХІаллакьхили со! Сан бага цІена яц, цІена баганаш йоцучу халкъана юкъахь Іаш а ву со, ткъа сан бІаьргашна гина Паччахь, массо а ницкъийн Веза Эла». Цуьнан аьтту куьйгахь ворхІ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агІор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра.
Выбор основного перевода