Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Везачу Эло тІаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хІуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хІинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу. тІаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бІогІамна юккъехь, буьйсанна цІеран бІогІамна юккъехь вогІу а аьлла. ХІунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».
Выбор основного перевода