Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Куьйга тІе йихкина хІума санна хуьлийла иза хьуна, хьетІехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хІунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина. ДоІанна тІехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргІат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“». qac Гqac*айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна. Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со. Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со, сан мостагІий сан тергам беш хиларна.
Выбор основного перевода