Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. «Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхІлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тІе-ма-диллара дан деза». Исраилхоша Делан четар дарна еана хІуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хІора Іуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгІатна лерина гІирсаш. Юха Делан четарна тІехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тІебаьхкира. Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Хьалха бинчу бертан Далла Іамалъяран бакъонаш а, лаьтта тІехь долу Делан цІа а дара. Дина, дІахІоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тІехь долу стол а яра. Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву.
Выбор основного перевода