Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дагоран сагІа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хІуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас. Цу меттехь исраилхошна хьалха хІуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. Тоьшаллин тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агІор хІоттабе и кхерч. Тоьшаллин тІорказна тІехула къинош дІадахаран негІарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хІуттучу меттехь. Цунах цхьа дакъа, кегийра ата а атий, гуламан четар чохь, Со хьайна дуьхьал вогІун волчохь, тоьшаллин тІорказна хьалха дилла. Шуна чІогІа еза хІума хир ю иза. Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхІароне дІаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гІо. Цигахь лаьттачу бартбаран тІорказан негІарна хьалха иза веача, АхІарон вала мега, хІунда аьлча къинош дІадахаран негІарна тІехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу. Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дІадохучу негІарна тІехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура. И Іасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тІорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа
Выбор основного перевода