Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаьхьа, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, АхІарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тІорказ чохь йолчу, Дала еллачу тІулгийн экъанашна хьалха хІоттийра, Іалашъярхьама. Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло. ТІе парзаш яздина тІулгийн экъанаш тоьшаллин тІорказ чу а ехкина, тІорказан чІагарех хьокхий чекх а даьхна, негІар тІорказна тІедиллира Мусас. Везачу Эло Мусага элира: «АхІаронан Іаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тІорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а». Оцу экъанаш тІехь ахьа йохийначу шина экъанна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тІорказ чу охьаяхка“. «ХІара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тІорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Оцу дезачу тІорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тІулган ши экъа йоцург, кхин хІумма а яцара. И тІулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тІаьхьа.
Выбор основного перевода