Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. ТІехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо. Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тІе а дашо сара лецира цо. Йиъ дашо чІуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дІачІагІйира цо. Стол дІасалело хьокхий чекхдоху чІагарш стоьлан гурана уллохь йинера. Стол дІасалело хьокхий акацих дина дара, тІехула деши а лоцуш. Цул тІаьхьа стоьла тІе хІитто пхьегІаш цІеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагІаран сагІанаш доттархьама. Дина, дІахІоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тІехь долу стол а яра.
Выбор основного перевода