Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Акацин дечигах тІорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. ТІорказна чухула а, тІехула а цІена деши лецира цо. Ткъа цунна тІехула, гонах, дашо сара лецира Йиъ дашо чІуг а йина, уьш тІорказан беа когахь дІатесира: шиъ – цхьана агІор, важа шиъ – вукху агІор. Акацих хьокхий а дина, царна тІехула деши лецира цо. Хьокхий тІорказан агІонашкахь йолчу чІагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама. ТІорказна тІедуьллу негІар дира цІеначу деших. НегІар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. Туьйсинчу деших негІарна тІехь шина агІор каруб-маликаш дира Бацалиала. Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хІума а долуш, негІарца цхьаьна. Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негІарна тІедирзина дара и каруб-маликаш. Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра.
Выбор основного перевода