Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІорказна тІедуьллу негІар дира цІеначу деших. НегІар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. ТІорказна тІехула тІемаш а даржийна, къинош дІадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХІинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн.
Выбор основного перевода