Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуламан четар чохь бартбаран тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Ерриг а тІейогІу йолчу ханна исраилхойн тІаьхьенашна тІедиллина ду иза». Бартбаран тІорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агІор гуламан четарна чохь АхІарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. ЦІеначу деших бинчу стогарна тІехь болу къуьданаш Іалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу». «АхІаронна тІе а дуьллуш, цуьнга иштта дІаала: „Ахь ворхІ къуьда стогар чу дІахІотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агІор йолу меттиг серлаяккхийта“». И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхІ стогар.
Выбор основного перевода