Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
шайгара Везачу Элана совгІаташ да. Даггара сагІа дала лууш волчу хІора стага Везачу Элана лерина совгІат да: деши а, дети а, цІаста а, Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гІуллакх къобалдеш а волу хІора стаг вогІура Везачу Элана лерина совгІат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гІирсана а, дезачу духаршна а лерина хІуманаш яхьара цара. Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагІа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тІедиллинчу гІуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгІаташ дахьара. Массо а тайпана сагІина хІума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагІа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чІогІа хазахетта вара Дауд-паччахь а. Нагахь цхьаъ шен хІума дІадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тІеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош. ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза.
Выбор основного перевода