Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айса ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дІалур ду аьлла, куьг а айина чІагІо йинчу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Ас, иза шуна тІаьхьалонна дІа а лур ду. Со Веза Эла ву“». Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тІе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гІуллакх. Шайн бераша хаттахь: „Иза хІунда деш ду?“ – аьлла, Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дІагІо. „Хьан тІаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІо йинчу лаьтта тІе гІо хІинца. Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаІанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу.
Выбор основного перевода