Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Іуьйранна марханийн а, цІеран а бІогІамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. Муса четарна чу вахча, мархин бІогІам, охьа а богІий, четарна чу воьдучохь соцура, тІаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора. ХІоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бІогІам халкъана гича, хІора а лохха охьатаьІара шен четарна хьалха лаьттачохь. Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цІарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура». Дийнахь мархин бІогІамца Ахь уьш балабора, буьйсанна уьш цІеран бІогІамца буьгура, уьш дІабаха беза некъ серлабаккхархьама. Хьо чІогІа къинхетаме хиларна, Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дІа ца тесира. Дийнахь царна некъ дІагойту мархин бІогІам дІа ца хьулбира Ахь, буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цІеран бІогІам а дІа ца баьккхира Ахь. Дийнахь – мархица дІабуьгура уьш Везачу Эло, ткъа буьйса дІаяллалц – цІеран серлонца некъ гойтура царна. Цо марха яржийра, Шен халкъ дІахьулдархьама, буса Цо цІе хилийтира, царна серло ялархьама. Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бІогІамо ларбина хилар а, хІорда бухарчу лаьтта тІехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна.
Выбор основного перевода