Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошка дІаала, юха а дерзий, Пи-ХІахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цІе йолчу меттигний, хІорданий юккъехь, БаІал-Цепонна уллохь яккха. Сакхатара дІа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт. Пи-ХІахьиратера ара а бевлла, хІорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цІе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цІе йолчу меттигехь меттамотт дІахІоттийра цара. Элимера дІа а бахана, Эрзийн-хІордана уллохь дІахІоттийра цара шайн меттамотт. Эрзийн-хІордана уллора дІа а бахана, Син цІе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дІахІоттийра цара.
Выбор основного перевода