Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хІора кІант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дІало. Вай дІахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирІун, тІаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кІант а, боьрша хьайба а хІаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагІина лерина хІора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дІа а лой, сайн хьалхара кІант цу мехаца мукъавоккху“. Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кІант а схьало Суна. Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхІ дийнахь шайн наношца а дитий, борхІалгІачу дийнахь схьало уьш. Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цІа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае». Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хІунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагІ белахь а, бож елахь а – Везачу Элан ду иза. хІунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кІентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кІентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кІентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву». Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хІора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна. Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хІума: кІентех а, бежанех а – Сан ду. ХІунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кІентех а, бежанех а, дерриг а хІаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира. Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. «Шайн бежанех а, уьстагІех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хІума шайн Везачу Далла дІакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тІехь болх ма белахь, дуьххьарлера Іахар ма ларгалахь. ХІунда аьлча Везачу Эло товрат тІехь тІе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза».
Выбор основного перевода