Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Суна хаьа, пирІуно шу дІахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь. Ас, Мисарна тІехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хІуманаш гойтур ду цу махкахь, тІаккха цо шу дІахоьцур ду. ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХІинца гур ду хьуна Ас пирІунна дендерг. Онда куьг шена тІехь хааделча, цо дІахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара». «ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. ВорхІ дийнахь шун чохь бод совсо хІума хила мегар дац. Совсийначу бедах хІума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тІевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. И буьйса Везачу Эло ладоьгІуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тІаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза. Цуьнан жижигца совсийна хІума ма яалаш. ВорхІ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хІунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта.
Выбор основного перевода