Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан кІенташка чІагІо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гІо дийр ду, тІаккха аша сан даьІахкаш кхузара дІаяхьа еза». Иштта бІе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тІорказ чу диллира цуьнан дакъа. Шехемехь дІайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьІахкаш. Уьш дІайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кІенташкара Якъуба эцна яра, бІе дато ахча а делла. Юсупан кІенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа. Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.
Выбор основного перевода