Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа айхьа иза паргІат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кІентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгІат а доцуш. Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тІера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догІу).
Выбор основного перевода