Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГадІан а, цуьнца волу бІе стаг а, мостагІийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тІемалой хийцабеллачул тІаьхьа. Цара, коьман маІаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира. Кхаа тобанехь болчара, коьман маІаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маІаш яра. МаІаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадІанан а дуьхьа тур тоха!» – бохуш. ГадІанан тІемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дІауьдуш дара. ГадІанаца хиллачу кхаа бІе стага коьман маІаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гІалина уллохь йолчу Байт-ШатІа дІабахара. Уьш иштта ТІабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира. Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тІемалой маданхошна тІаьхьабовла бахийтинера. ГадІана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дІаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. Маданхойн Іораббий, Зиаббий цІе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Іораб Іорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадІан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Массо а ницкъийн Веза Эла царна шед етта воллуш ву, Іораб-тархана уллохь маданхошна Цо шед ма-еттара. Шен Іаса Цо хІорда тІехула а лаьцна, хьалха мисархошна санна, ашурхошна дуьхьал ойур ю. Цу деношкахь Везачу Эло хьан белшаш тІера Ашуран беза мохь дІабоккхур бу. Хьан вортанна тІера дукъ дІадаьккхина хир ду – хьо дерстина хиларна, и дукъ кагдийр ду. Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь: «Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дІа ма сецна! Іесачу паччахьийн олалла гойту гІаж Везачу Эло кагйина. ХІинца Ас хьуна тІехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».
Выбор основного перевода