Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн доьналла долу цхьа бІе ткъа эзар тІемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис. Иза хилира яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела. Ткъа эпраймхойн тІемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кІант МаІсей-ЯхІу а, паччахьан цІентІехь хьаькам волу Іазрикхам а, паччахьал тІаьхьа шолгІаниг ларалуш волу Элкхан а вийра. Шайн вежарий болчу яхІудхойн ши бІе эзар зуда а, кІентий а, йоІарий а, йийсар а дина, дІабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хІонс а яьккхина, Шамран-гІала дІаяхьийтира цара. Арамхой малхбалера тІелетира, пІелаштамхой малхбузера тІегІоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дІакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгІазалла дІа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидІа а халкъана тІехула дІакховдийна ду, таІзар дархьама. Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хІаллак ца хилийта!
Выбор основного перевода