Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хІуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац. Цундела хІоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Іойла уьш. ХІаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тІамехь туьраца байийла. Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву.
Выбор основного перевода