Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо уьш цига дІабигира. Іамалекхахой цу меттигехула дІаса а баьржина, дууш, молуш бара, пІелаштамхойн махкара а, ЯхІуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хІонсах баккхий а беш. qac Шqac*ена йоккха са яьлларг санна, воккхавеш ву со Хьан чІагІонах. Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла. Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа, лаьттан дозанаш шордина. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Ялта хьокхучо шена догІург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дІадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама. кхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву, иллешкахь ас Хьан цІе язйийр ю».
Выбор основного перевода