Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІеро ча дІакхаллар санна а, екъа буц цІеран алунашкахь дІаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дІасадер ду, хІунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дІатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш. Массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло берстинчу тІемалошна тІе хІоралла хоьцур ю. Ашур-мехкан паччахьан сийлаллех цІе латор ю, ткъа и цІе чІогІа йогуш хир ю. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагІий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хІаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хІаллакбина хир бу. «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац.
Выбор основного перевода