Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Еqac*рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дІа а ма хезира ас деш долу доІанаш. Сан мел болчу кхерамех со кІелхьарваьккхи Цо. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Массо а и бохамаш адамашна тІебаьхкина, хІетте а шайн Везачу Далла тІе ца доьрзу уьш, адамаша Цуьнга гІо а ца доьху. Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.
Выбор основного перевода