Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора Делан лаамехь волчо доІа дойла Хьоьга, ша нийса вац аьлла хетачу хенахь, даккхий хиш дистина догІучу хенахь, цунна тІе уьш кхочур дац. Везачу Эло боху: «Со реза хуьлучу хенахь Аса жоп лур ду хьуна, Хьо кІелхьарвоккху хан тІееача, гІо дийр ду хьуна. Ас Іалаш а, лар а вийр ву Хьо, Хьоьгахула Ас халкъаца барт бийр бу, латта меттахІотто а, дассаделла дакъош юха шун долахь хилийта а, ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху Исраилан цІийне: «Со лехалаш – дийна дуьсур ду шу. Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чІогІа дехар до шуьга, Делера шаьш тІеэцна долу дика эрна ма хилийтийша. ХІунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кІелхьардоккхучу дийнахь Аса гІо дира хьуна». Ткъа хІинца тІееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хІинца ду и кІелхьардовларан де.
Выбор основного перевода