Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. Везачу Эло чІагІо йина Шен аьтту куьйгах а, Шен нуьцкъалчу пхьаьрсах а: «Хьан ялта кхин лур дац Ас хьан мостагІашна кхачанна, кхечу къаьмнийн наха хьан чагІар а мер дац, ахь шена тІехь болх бина долу. Кемсаш кхиочара юур ю уьш, Везачу Элана хастам бийр бу цара. Кемсаш лахьочара мер ду чагІар Сан дезачу цІийнан керташкахь». «Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кІенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дІакхоллур дара. Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тІехула нийсо тІейоуьйту малх гІоттур бу, цуьнан зІаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КІанта шайна лур болу кхача лаха, хІунда аьлча Дала Шен мухІар таІорца тоьшалла до Цунах». Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугІуш, ваха. ЛадогІа Соьга, Сан халкъ, ладогІа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дІахІоттор ю. «ХІунда аьлча Суна, Везачу Элана, нийса кхелъяр деза, ницкъбарца долу талор ца деза. Тешаме а волуш, Ас совгІат лур ду царна, гуттаренна болу барт а бийр бу цаьрца. ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тІаьхьенца а, ЯхІудан тІаьхьенца а керла барт бен долу. Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хІунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. – ХІара денош дІадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тІаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тІехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Аса цаьрца массо а тІейогІучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кІорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дІа ца къастийта. Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Дала Иза веллачуьра денвина, Цуьнан дегІана цкъа а талхар ца гайта. Цо аьлла оцунах лаьцна ишттачу дешнашца: „Даудана ваІда деш аьлла долу сийлахь а, гуттар хиндолу а диканаш лур ду шуна“. Товрат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кІелхьарваьккхина. Кхечу къаьмнашна тІехь куьйгалхо Ахь со вина. Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хІинца суна гІуллакх до. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хІоттор волчу, Даудан тІаьхьенах волчу шайн паччахьна а гІуллакх деш лелар бу. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гІала меттахІотторах лаьцна даьлла омрана тІера Дала къобалвинчу баьччанна тІе кхачале, ворхІазза ворхІ-ворхІ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхІ-ворхІ хан-зама а ер ю. ТІаккха меттахІоттор ю и гІала шен урамашца а, чІагІонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а.
Выбор основного перевода