Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду, Везачу Элана хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна тІехь куьйгалла дархьама. Хиша шайн тІараш а деттийла, лаьмнаш цхьаьний самукъане а хуьлийла, Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Ахь мах баларца паргІатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тІе богІур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тІехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дІадевр ду. Лаьмнаш дегадахь а, гунаш меттахдовлахь а, Сан хьоьга болу хедар боцу безам дІабер бац, Сан хьоьца бина машаран барт меттахбер бац», – боху хьох къинхетам беш волчу Везачу Эло. Везачу Эло Іамор бу хьан берриг а кІентий, церан машар а, беркат а доккха хир ду.
Выбор основного перевода