Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагІар. Къенаш а, мисканаш а хи лоьхуш бу, амма иза дац. Церан меттанаш дакъаделла хьогаллина. Амма Ас, Везачу Эло, жоп лур ду царна. Ас, Исраилан Дала, буьтур бац уьш. Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу. «Стигалийн Олалла аренгахь дІайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дІаюллу. Дукха гІадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дІа а бухкий, и аре схьаоьцу. ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цІергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КІайн духар а эца шайна, иза, тІе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дІахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бІаьргех хьакха, бІаьрса даийтархьама! Делан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогІийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.
Выбор основного перевода