Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо соьга боху: «Хьо Сан Ялхо хилла Іийр вац, Якъубан тайпанаш юхаметтахІитто а, Исраилан халкъах бухабиснарш цІа берзо а. Ас хьох кхечу къаьмнашна серло йийр ю, Сан кІелхьардаккхар дуьненан массо а маьІІе кхачийта». Хьовсал, уьш генара схьабогІур бу – цхьаберш къилбаседехьара, вуьш малхбузехьара, кхиберш Синайм цІе йолчу махкара». Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац». Иштта, Соьга хьоьжуш хІордан йистера халкъаш ду, ткъа царал хьалха Таршашан хІордкеманаш ду, генара шун кІентий цІа балош догІуш долу. Цара дахьаш дети а, деши а ду Везачу Элан, хьан Делан, Исраилан халкъан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча Цо хьан сий айина. Дуккха а халкъаш а, ницкъ болу къаьмнаш а Ярушалайм-гІалина тІеоьхур ду, массо а ницкъийн Веза Эла лаха а, Цуьнга шайца дика хилар деха а“. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Цу деношкахь иштта хир ду: массо а тайпана меттанашкахь вистхуьлучу кхечу къаьмнех волчу итт стага, куьйгаш а лаьцна, яхІудхочун бедаран юх а лаьцна, иштта бохур ду: ‘Тхо хьоьца дІагІур ду, хІунда аьлча, шуьца Дела ву бохуш, хезна тхуна’“». ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. ТІаккха ПахІала а, Бар-Нааба а майрра элира цаьрга: «Делан дош уггар хьалха шуна хьеха дезаш ду тхо. Амма аша и тІе а ца лоцу, Дела волчохь долчу хедар доцучу дахарна шаьш хьакъ а ца хета, цундела оха къамел кхечу къаьмнех болчаьрга дийр ду.
Выбор основного перевода