Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хІуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дІахІуттур ю. Мисархоша, шайна мостагІаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргІатбохур бу уьш, царна тІе уьш кІелхьарбохург а, гІодоккхург а вахийтина. ГІайгІа е тІехь коканан коьллаш а, кІохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цІенойх а, йоккхаеш хиллачу гІаланах а. Яьсса а, екъа а аре йоккхаеш хуьлийла, эрна аре самукъадаьлла хуьлийла, акха зезаг санна цо заза доккхийла. ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Яьссачу арахь баган-дитт а, акаци а, турс а, акха зайт а дитташ дугІур ду. Эрначу аренгахь зез-дитт а, база-дитт а, баганан дитт а дугІур ду цхьаьний. Мичахь ву Мусана аьтту куьйгахь хила Шен исбаьхьа а, нуьцкъала а куьг дахийтинарг, халкъана хьалха хи дІасадекънарг, абаденналц Шен цІе гІараяккхархьама? ТогІи чу буссу бажа санна, Везачу Элан Сино садаІа буьгуш бара уьш. Иштта Хьайн халкъ дІадуьгура Ахь, Хьайн сийлахь цІе гІараяккхархьама.
Выбор основного перевода