Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ЛадогІа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву! Асайпан хьехаме назма. ЛадогІа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ, сан багарчу дешнийн тидам бе. Паччахьан ницкъ болу гІаж дІакховдор ю хьуна Везачу Эло Цийон-ломара. Олалла де ахьа хьайн мостагІашна юкъахь. Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Иза гІел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тІехь Ша нийсо дІахІоттаяллалц. ХІордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду». «Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тІекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Іалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса,
Выбор основного перевода