Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. Везачу Эло массо а хІуманна тІехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дІахІоьттина. Везачу Эло ИбрахІимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гІарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла. «Адаман кІант! Исраил-мехкан дакъазадаьккхинчу лаьтта тІехь Іаш болчара боху: „ИбрахІим ша цхьаъ вара Дала цунна хІара латта дІалучу хенахь. Ткъа хІинца тхо дуккха а ду, цундела хІара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“. Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахІиман массо а тІаьхьенна, чІагІо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахІиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахІим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тІеийцира ИбрахІима, хІунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла. Цундела цхьа ког коша а бахана волчу стагах схьабевлла, стигалара седарчий а, хІордан берда тІера гІум а санна, дукха нах.
Выбор основного перевода