Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена тІе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тІемалойн хьаькамашка ЮшаІа элира: «ТІе а гІой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тІе баха». Цара, тІе а бахана, паччахьийн вортанаш тІе когаш бехкира. Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. Сан букъа тІехь охана дина, ахархоша деха хершнаш даьхна. Сайн халкъана оьгІазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дІаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тІедуьллура ахь. Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цІийно бахор бу уьш, чагІаро санна. ТІаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КІелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла». Хьайна тІера чан дІаегаехьа, гІаттахьа, Ярушалайм! Паччахьан гІанта тІе охьахаахьа! Хьайн вортанна тІера зІенаш схьаяхахьа, йийсаре лаьцна Цийонан йоІ! Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. къилбаседехьа долчу уллорачу а, генарчу а латтанашкара болчу массо а паччахьашка тІекІел а. Аса дуьнен тІехь долчу массо а пачхьалкхашкарчу халкъашка малийтира Везачу Элан оьгІазаллин кад. Ткъа Шейшакарчу паччахьо а мер бу тІаьххьара и кад. Нагахь санна уьш, хьан карара дІа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хІуъа хилахь а, дІамер бу и кад!“
Выбор основного перевода