Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча эхарто ца хаставо Хьо, Іожалло Хьуна хастам ца бо. Коша чу бирзинчеран дегайовхо яц Хьо царна тешаме хиларх. Къуреш карзахваьккхинарг Со ма ву, цуьнгахула нийсо кхочушъяйтархьама. Дерриг а цуьнан некъаш нисдийр ду Ас. Цо Сан гІала юхаметтахІоттор ю, йийсаре дІадигна Сан халкъ паргІатдер ду, цунах мах я совгІаташ а ца луш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. Хьайна тІера чан дІаегаехьа, гІаттахьа, Ярушалайм! Паччахьан гІанта тІе охьахаахьа! Хьайн вортанна тІера зІенаш схьаяхахьа, йийсаре лаьцна Цийонан йоІ!
Выбор основного перевода