Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бІаьргашна гойла шен хІаллакьхилар, цо ша молийла Ницкъболчун оьгІазалла! Ахь Хьайн халкъана къизалла йовзийтина, тхо дІасатехкадолуьйту чагІар малийна Ахь тхуна. Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Уьш, цу чуьра дІамеллачул тІаьхьа, дІаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хІунда аьлча царна гур ду Аса шайна тІедерзор долу тур». Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. Аса Ярушалайм-гІалане а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цІераш а ялош, неІалт алийта. Нах хІинццалц а иштта лела. Хьо хьайн йишас дІакхехьначу некъа тІе елира. Цундела Ас хьоьга дІалур бу цуьнан таІзаран кад». «Хьажал, Ярушалайм-гІаланах чагІаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дІа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гІалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхІудан халкъе а иза молуьйтур ду. Амма Іийсас элира: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Аса молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга?» «Бу», – элира цара. кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».
Выбор основного перевода