Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьІна ву. Оцу деланийн суьрташ хІинца бежанашна тІехь дІахьош ду. Хьалха аша дІакхехьначарах кІадделлачу даьхнина беза мохь хилла. «Массо а халкъашка дІахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дІадийца: „Бавел-гІала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьІаьржачу хІоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьІаьржачу хІиттина, цуьнан цІуш дог доьхна а бу“. Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. Ас Бавелехь таІзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дІа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац! Бавелан пенаш а охьаэгна ду. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах. Цу гІалина тІедеанчу Іазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дІа а хІиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гІала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гІалин! ХІунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»
Выбор основного перевода