Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хІорра а, эккхийна сай санна, дІатесна дитина уьстагІий санна, шен халкъана тІе гІур ву, шен махка водур ву. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Бавелна тІехула хІорд баьржина, гІергІаш йолчу тулгІенаша иза дІахьулйина. Веза Эла царна тІехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Іад. Хьалдолчу Эло коьман маІа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дІаволалур ву.
Выбор основного перевода