Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МишмаІ, Дума, Маси, СеІир цІе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Іаш волчу шен веше Іесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба. Иштта, дІавахна, СеІир-махкахь ваха хиира Іесав (я Эдом). Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? «Адаман кІант, СеІир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш,
Выбор основного перевода