Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас царна дуьхьал мадайхой бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу. Шайн гІудалкхашца а, дошлошца а Іейлам-махкара тІемалой тІебогІу, тІом бан Іад-беттанаш а яхьаш. Кхир-махкарчу тІемалоша турсаш кечдина. Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!» Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидІа Іехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу». Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. ЯхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Іейламан бахархойх лаьцна бара. Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Іейламан секхаІадкхоссархой хІаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ. Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Іейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхІуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а,
Выбор основного перевода