Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Ткъа, Сох дІа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дІакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза. Бере а дагардаллал кІезиг дитташ дуьсур ду цуьнан хьаннаш чохь. Цу хенахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – ондачу меттехь болу хьостам, меттах а баьлла, охьабужур бу. Цу тІехь кхозуш дерг, доьхна, дІадер ду». Иштта боху Везачу Эло. Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
Выбор основного перевода