Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара эр ду: «ХьалагІовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тІамца цунна чугІуртур ду вай». Амма тІаккха эр ду: «Жолам! ХІинца тІаьхьа ду: суьйре тІееана, суьйренан ІиндагІаш дахлуш ду. ХьалагІовтта, буьйсанна тІе а летта, Ярушалайман гІепаш йохор ю вай». Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хІоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тІекхаччалц. Цул тІаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – Ас малор ду церан баьччанашна а, хьекъалчашна а, мехкадайшна а, меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тІемалошна а. Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» – боху Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хІоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагІар мийлира цо. ЧагІаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цІийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегІаш чуяр тІедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гІарбашашка а маларш мийлийтархьама. ТІаккха Ярушалаймера Делан цІийнера еана йолу и дашо пхьегІаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гІарбашаша а царна чуьра маларш мийлира. ЧагІар а муьйлуш, деших а, детих а, йоьзах а, эчигах а, дечигах а, тІулгах а бина болу шайн деланаш базбора цара.
Выбор основного перевода