Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегІах дохкуш. Сан синна хаало церан дІовш, Делан къематаш ду суна тІедерзийна. ХІунда аьлча Хьан пхерчий сох чекхдевлла. Суна тІехь долу Хьан куьг а дазделла. ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву? Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахІотталур яц.
Выбор основного перевода