Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а, Іаьржачу бодано дІахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Іаьржа бода а сирла серло санна бу. Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода