Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Бохаман деношкахь Ахьа цунна синтем ло, Іесачарна каш аьхкина даллалц. Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. Хьаьнга ялур ю царна кхел? Цхьаьнгге а! Дала леррина къобалвина Іийса вайн метта велла-кх. Цул сов, Дала ден а вина, Цунна юххехь аьтту агІор а хиъна, вайна тІера Деле доьхуш ву Иза.
Выбор основного перевода