Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Динан дай Цо даржах эшабо, чІагІбина куьйгалхой херцабо, уьш тоххара дуьйна белахь а. Церан шераш беркатехь дІаоьху, тІаккха паргІатонехь эхарте кхочу. Хи тІедалар санна, тІекхочур ду цунна Іадор. Буьйсанна шайтІанан мохо иза дІа а хьо. qac Еqac*рриг Седам-гІалин къиношна динчу таІзарал а тІехдаьлла Везачу Эло сан халкъан йоІарша хьерчийначу къиношна дина таІзар. Иза-м цу сохьта хІаллакйина дІаяьккхира, ткъа адамийн куьйгаш цунах хьакха а ца деллера. И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДІахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цІеххьана хІаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хІаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац.
Выбор основного перевода